Чеченский


(2-гIа арахецар)

Сура 3:50 (Сура 43:63)

وَمُصَدِّقًا لِّمَا بَيْنَ يَدَيَّ مِنَ التَّوْرَاةِ... وَجِئْتُكُم بِآيَةٍ مِّن رَّبِّكُمْ فَاتَّقُوا اللَّهَ وَأَطِيعُونِ.
...Iийсан дешнаш: «Сол хьалха Товрата (Товрат-хьехамаш) тIехь хилла долу билггал бакъдерг тIечIагIдархьама веана со... Ас шуна шун Везачу Элера йолу билгало еана. АллахI-Делах а кхера, суна  а муьтIахь хила» (гочдар Кулиеван).

...Iийсан дешнаш: «Сол хьалха охьадаийтинчу Товрата  тIехь дерг билггал бакъхилар тIечIагIдархьама веана со... Со шун Везачу Элера йолчу билгалонца веана шу долчу. ТIаккха АллахIах а кхера, сунна а  муьтIахь хила» (гочдар Османован).

Сура 3:55

إِذْ قَالَ اللَّهُ يَاعِيسَى إِنِّي مُتَوَفِّيكَ وَرَافِعُكَ إِلَيَّ وَمُطَهِّرُكَ مِنْ الَّذِينَ كَفَرُوا وَجَاعِلُ الَّذِينَ اتَّبَعُوكَ فَوْقَ الَّذِينَ كَفَرُوا إِلَى يَوْمِ الْقِيَامَةِ

АллахIа аьлла: "Ва Iийса! Ас хьуна гуттаренна а болу синтем а лур бу, Со волчу  хьала а воккхур ву. Ас ца тешначарах схьакъастор ву хьо, ткъа хьуна тIаьхьахIиттинарш, белларш денбаран Де тIекхаччалц йолчу ханна ца тешначарна тIехь хьалаойур бу(гочдар Кулиеван).
«Дагадаийтахьа, Мухьаммад, муха аьлла АллахIа: "Ва Iийса! Ас гуттаренна а болу синтем лур бу хьуна, Со волчу  хьала  а воккхуш, ца тешначарах схьа а къастор ву хьо. Ткъа хьуна тIаьхьахIиттинарш, ца тешначарна тIехь хьалаойур бу, белларш денбо Де тIекхаччалц йолчу ханна» (гочдар Османован).





Сура 4:159

وَيَوْمَ الْقِيَامَةِ يَكُونُ عَلَيْهِمْ شَهِيدًا
 «Барт хаттаран дийнахь Iийсас царна дуьхьал ша АллахIан лай а, Цуьнан векал а хиларх, тIаккха шен Везачу Эло даийтина Дош дIакхачийна хиларх а  тоьшалла дийр ду»  (гочдар Аль-Азхаран).

«...ткъа белларш дендечу дийнахь, цо царна дуьхьал тоьшалла дийр ду» (гочдар Кулиеван).

    Сура 3:199

وَإِنَّ مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ لَمَن يُؤْمِنُ بِاللَّهِ ... وَمَا أُنزِلَ إِلَيْهِمْ خَاشِعِينَ لِلَّهِ ... أُولَٰئِكَ لَهُمْ أَجْرُهُمْ عِندَ رَبِّهِمْ
«Билггал бакъдолуш, эвлаяашна юкъахь АллахIана муьтIахь а болуш, Цо шуна а, царна а охьадаийтинчух тешаш берш бу...
Церан совгIат церан Везачу Элехь цаьрга сатуьйсуш ду» (гочдар Кулиеван).
«Баккъалла, эвлаяашна юкъахь, АллахIана муьтIахь а болуш, АллахIах а, …царна охьадаийтинчух а тешаш берш бу; ХIорш – царна церан совгIат Везачу Элехь дерш бу» очдар Крачковскин).


Оцу дерригено а кхетаво, Машахь волчу Iийсана тIаьхьахIиттинарш, Барт хатта кхайкхина хир бац – церан ХIИНЦЦЕХЬ Делан совгIат ду (церан совгIат Делехь цаьрга сатуьйсуш ду), Кхелъяр царна кхераме дац. Аьлча а, Iийсана тIаьхьахIиттинарш, Делан Олаллехь хир бу.




Сура 10:94


فَإِن كُنتَ فِي شَكٍّ مِّمَّا أَنزَلْنَا إِلَيْكَ فَاسْأَلِ الَّذِينَ يَقْرَءُونَ الْكِتَابَ مِن قَبْلِكَ
- Мухьаммаде аьлла ду: «Нагахь хьо Оха хьайга яздинчух шеко йолуш велахь, Деза Йозанаш хьайл хьалха доьшуш болчаьрга хатта» (гочдар Кулиеван).
 \
«Нагахь хьо Оха хьайга охьадаийтинчух шеко йолуш велахь, хьалхалера йозанаш доьшуш болчаьрга хатта» (гочдар Османован).

Сура 3:113


لَيْسُوا سَوَاءً مِّنْ أَهْلِ الْكِتَابِ أُمَّةٌ قَائِمَةٌ يَتْلُونَ آيَاتِ اللَّهِ آنَاءَ اللَّيْلِ وَهُمْ يَسْجُدُونَ
«Цхьатера бац уьш, – деза йозанаш долахь долчарна юкъахь доьналла долу юкъаралла ю; цара, Далла Iамал а еш, АллахIан билгалонаш буьйсанан заманахь йоьшу» (гочдар Крачковскин).


«Деза Йозанаш долахь дерш цхьатера бац. Царна юкъахь АллахIо охьадаийтина долу Деза Йозанаш, буьйсанна, доIанаш а деш, Iамалъечу хенахь, доьшуш йолу цIена а, нийса а юкъаралла ю» (гочдар Аль-Азхаран).

Сура 2:253


وَآتَيْنَا عِيسَى ابْنَ مَرْيَمَ الْبَيِّنَاتِ وَأَيَّدْنَاهُ بِرُوحِ الْقُدُسِ
«Оха Iийсана, Мареман кIантана, гуш йолу тамашийна билгалонаш еллера, Дезачу Синца иза чIагIвинера» (гочдар Османован).

«ТIаккха оха Iийсана, Мареман кIантана, гуш йолу тамашийна билгалонаш а елла, дезачу синца тIечIагIвира иза»  (гочдар Крачковскин).
                                          

Сура 5:46,47

وَقَفَّيْنَا عَلَىٰ آثَارِهِم بِعِيسَى ابْنِ مَرْيَمَ مُصَدِّقًا لِّمَا بَيْنَ يَدَيْهِ مِنَ التَّوْرَاةِ وَآتَيْنَاهُ الْإِنجِيلَ فِيهِ هُدًى وَنُورٌ وَمُصَدِّقًا لِّمَا بَيْنَ يَدَيْهِ مِنَ التَّوْرَاةِ وَهُدًى وَمَوْعِظَةً لِّلْمُتَّقِينَ.
وَلْيَحْكُمْ أَهْلُ الْإِنجِيلِ بِمَا أَنزَلَ اللَّهُ فِيهِ وَمَن لَّمْ يَحْكُم بِمَا أَنزَلَ اللَّهُ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْفَاسِقُونَ
 «Царна тIаьхьа Оха Iийса (Иисус) вахийтира, Мареман (Марии) кIант, хьалха Товрата (Торе) тIехь охьадаийтинарг билггал бакъхилар тIечIагIдарца. Оха цуьнга Инжил (Евангелие) деллера, цу тIехь хьалха охьадахьийтинчу Товрата тIехь дерг тIечIагIдеш долу нийса куьйгалла дар а, серло а яра. Иза Делах кхоьруш болчарна нийса куьйгалла дар а, хьехам а бара.
Инжил (Евангелие) къобалдеш берш АллахIа цу тIехь охьадаийтинчуьнца лелаш хуьлийла.
АллахIа охьадаийтинчуьнца богIуш болу сацамаш беш боцурш, хьарамхой бу» (гочдар Кулиеван).


«Пайхамаршна тIаьххье Оха Iийса, Мареман кIант, вахийтира цул хьалха Товрата тIехь дерг билггал бакъ хилар тIечIагIдеш. ТIаккха Оха цуьнга Инжил делира, ткъа цу тIехь – Товрат тIечIагIдеш йолу серло а, бакъахьара некъ а бара, тIаккха Делах кхоьруш болчарна хьехамаш а охьабахкийтира.
Инжил къобалдеш берш АллахIа цу тIехь охьадаийтинчуьнца лелаш хуьлийла. Ткъа АллахIа охьадаийтинчуьнца догIуш лелаш воцург  – къилахь верг ву» (гочдар Османован).


Сура 57:27


وَقَفَّيْنَا بِعِيسَى ابْنِ مَرْيَمَ وَآتَيْنَاهُ الْإِنجِيلَ وَجَعَلْنَا فِي قُلُوبِ الَّذِينَ اتَّبَعُوهُ رَأْفَةً وَرَحْمَةً

«ТIаккха оха... Мареман кIант,  Iийса (Иисус), вахийтира, цуьнга Инжил (Евангелие) а луш. Цунна тIаьхьахIиттинчеран дегнашка, Оха дог лазар а, къинхетамалла а диллира, ткъа мозгIаралла цара шаьш дагадаийтина» (гочдар Кулиеван).

«ТIаккха Оха вахийтира… Iийса, Мареман кIант, цуьнга Деза Йозанаш а луш, ткъа цунна тIаьхьахIиттинчеран дегнашка, Оха дог лазаме хилар а, къинхетамалла а диллира. Ткъа мозгIаралла цара шаьш дагадаийтина» (гочдар Османован).

Сура 3:103, 104

وَكُنتُمْ عَلَىٰ شَفَا حُفْرَةٍ مِّنَ النَّارِ فَأَنقَذَ كم مِّنْهَا ... وَلْتَكُن مِّنكُمْ أُمَّةٌ ﻳَدْعُونَ إِ لى الْخَيْرِ وَﻳَأْمُرُونَ




بِالْمَعْرُوفِ وَيَنْهَوْنَ عَنِ الْمُنكَرِ وَأُو لَٰئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ
 «Шу ЦIеран бердан йистехь дара, тIаккха Цо шу цунах кIелхьардехира.
Хуьлийла шуна юкъахь дикане тIекхойкхуш йолу адамийн тоба, къобалдеш дерг дарна омра а деш, вониг дар магош а доцуш. Билггал уьш хир бу кхиаме» (гочдар Кулиеван).

«Шу цIеран берда йистехь дара, тIаккха Цо шу цигара кIелхьардехира. ТIаккха, къобалдеш дерг дан омра деш а, къобалдеш доцург сецош а, дикане тIекхойкхуш йолу тоба хуьлийла шуна юкъахь. Уьш – ирсе бу» (гочдар Крачковскин).


Хьалхалера Деза Йозанаш
(Дала Машахь волу Iийса вале хьалха делла долу)

Сура 6:154
(Запись на арабском языке)

«Оха иштта, муьлхха а хIуманах лаьцна кхетор а, нийса куьйгалла а, къинхетам а дика деш волчунна чаккхенна, Мусага (Моисею) Деза Йозанаш делла…» (гочдар Кулиеван).
«ТIаккха ала, ва Мухьаммад: “Оха, дерриг а долуш дерг кхетор а, нийсачу некъана куьйгалла а, къинхетамалла а долуш санна, дика деш волчу Мусага, дика лаам кхоллаболуьйтуш, Деза Йозанаш делла”…» (гочдар Османован).

Сура 17: 55
(Запись на арабском языке)

«Ткъа  Дауде (Давиду) Оха Забур (Псалтирь) делла» (гочдар Кулиеван).
«…тIаккха Дауде Забур делира» (гочдар Османован).

Делан Дош цхьаммо а хуьйцур дац


Сура 6:115 (Сура 6:34)

وَتَمَّتْ كَلِمَتُ رَبِّكَ صِدْقًا وَعَدْلًا لَّا مُبَدِّلَ لِكَلِمَاتِهِ وَهُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ
«Хьан Везачу Элан Дош бакъахьара а, нийса а кхочушхилла! Цхьаммо а хуьйцур дац Цуьнан Дешнаш. Иза – Хезаш Верг а, Хууш Верг а ву» (гочдар Кулиеван).


«...Цуьнан дешнаш хуьйцун дерг вац: Иза-х – хезаш а, хууш а верг ма ву!»  (гочдар Крачковскин).



КъорIанаца догIуш, Машахь волу Iийса хIара ву:


 – «АллахIан Дош» (Сура 4:171)
 – «АллахIан Векал» (Сура 4:171)
 – «АллахIан Са» (Сура 4:171)
      – «АллахIан лай» (Сура 19:30)
                                  – «Цунах ца тешаш болчарна дуьхьал волу теш (Сура 4:159)
 – «Декъалаллинаг» (Сура 19:27-31)
              «АллахIан билгало» (араб. Аятолла, Сура 19:21)
 – АллахIера «Къинхетам» (Сура 19:21)
 – «Бакъахьарниг» (Сура 3:46)
          «ЦIенаниг» (Iарб. «закий» – къинош доцург, Сура 19:19)
 – «Сийлахьниг» (Сура 3:45)

КъорIано Iийса чу хьарчаваларх а,  дуьнен чу валарх а лаьцна

       Сура 66:12 (21:91)

بِكَلِمَاتِ رَبِّهَا وَكُتُبِهِ وَكَانَتْ مِنَ الْقَانِتِينَ

 «[Хьехаман масална яло мегар долуш ю], ша цIена Iалашйина йолу, Iимранан йоI, Марем а. Оха цунна чу Тхешан синан Iаь туьйхира, тIаккха цо шен Везачу Элан а, Цуьнан Дезачу Йозанийн а дешнаш билггал бакъ долуш хилар тIеийцира, Цунна муьтIахь а яра иза» (гочдар Османован).
«ТIаккха, шен меженаш ларйина йолчу, Имранан йоIана Маремана чу, Оха Тхешан синах Iаь туьйхира. Цо цуьнан Везачу Элан а, Цуьнан Дезачу Йозанийн а дешнаш билггал бакъ лерира, тIаккха иза декъалйинчарах ерг хилира» (гочдар Крачковскин).



Машахь волу Iийса валар а, хьалаваккхарх а


Сура 3:55
إِذْ قَالَ اللَّهُ يَاعِيسَى إِنِّي مُتَوَفِّيكَ وَرَافِعُكَ إِلَيَّ وَمُطَهِّرُكَ مِنْ الَّذِينَ كَفَرُوا وَجَاعِلُ الَّذِينَ اتَّبَعُوكَ فَوْقَ الَّذِينَ كَفَرُوا إِلَى يَوْمِ الْقِيَامَةِ

«АллахIа аьлла: "Ва Iийса (Иисус)! Ас гуттаренна а болу синтем а белла, Со волчу хьалавоккхур ву хьо. Ас ца тешначарах схьакъастор ву хьо, ткъа хьуна тIаьхьахIиттинарш, , ца тешначарал  хьалабохур бу белларш денбаран Де тIекхаччалц йолчу ханна» (гочдар Кулиеван).
 «АллахIа аьлла: "Ва Iийса (Иисус)! Ас синтем а белла, Со волчу хьалавоккхур ву хьо, тIаккха ца тешаш хиллачарах схьа а къастор ву хьо, хьуна тIаьхьахIиттинарш ца тешаш хиллачарал лакха а бохур бу белларш денбаран де тIекхаччалц йолчу ханна»  (гочдар Крачковскин).
синтем балар» бохучу дешан маьIна ду – гуттаренна а болу синтем карор. Кхузахь бохург ду беллачех а дIабоьхкинчех лацна. Хьажа Ефремован Т.Ф. оьрсийн маттан кхеторан дошам тIехь).
                                        


ОЙЛА ЯРНА ХАТТАРШ
(ЖОЬПАШ А)

1.  КъорIана тIехь яздина ду Iийсан хIара дешнаш: «АллахIах а кхера, суна а муьтIахь хила» (Сура 3:50 и 43:63).
Iийсана стенна тIехь муьтIахь хила деза бохучух кхетархьама, Цуьнан хьехам мичахь карабойла ду?

(Жор: Iийсан тIедилларш а, хьехамаш а Инжила (Евангелии) тIехь дIаязбина бу, хьажа Сура 5:46,47, 57:27, 3:45,48).

2. ХIун боху КъорIано Инжилах а, Товратах а, Забурах а лаьцна?

(Жоп: ХIара киншканаш – Веза Воккхачу Делера Деза Йозанаш ду (хьажа Сура 5:44, 6:154, 17:55, 4:136, 5:46,47, 3:45,48, 57:27).

3. Магадойла дуй те Дала Инжил а, Таурат а, Забур а хийцар?

(Жоп: Дала магор дац иза.
Яздина ду: «Цхьаммо а хуьйцур дац Цуьнан дешнаш», Сура 6:115. ЦХЬАММО!!! Делан Йозанийн дешнаш  (Товратан, Забуран, Инжилан) абаденналц ду, хийцалур а дац, уьш кхочуш а хир ду. Цунах лаьцна тоьшалла до таханлерачу дийнахь архиологашна ширачу заманан Делан Йозанийн тептарш карадаро. Царна тIехь дерг хIинцалерачу Делан Йозанаш тIехь хилларг ду.

4. ХIун боху КъорIано Делан Йозанаш доьшучу адамех лаьцна?

(Жоп:   
- цу адамех  "Делан Йозанийн адамаш" аьлла;
- и адамаш цхьатера дац (Сура 3:113). Царна юкъахь билггал бакъберш а, боцурш а бу;
- Машахь волчу Iийсана даггара тIаьхьахIиттинарш, цунах ца тешначарна тIехь хьалабохур бу Дала, (Сура 3:55);
- Делан Йозанаш тIехь долчух шеко ерш Делан Йозанийн адамаша бохург дIаэца боху Дала (Сура 10:94). Цунах лаьцна Везачу Эло  Мухьаммаде боху, цул сов иза кхечу адамашна а догIуш ду.

5. Машахь волчу Iийсана муьтIахь боцучарах хIун хир ду?

(Жоп: Машахь волчу Iийсах ца тешачу а, цунна муьтIахь боцучарна а дуьхьал Кхел ечу дийнахь Iийсас тоьшалла дийр ду! (Сура 4:159).

6. Мила хьалавоккхур ву Везачу Эло тешар доцучарна тIехь?

(Жоп: Машахь волчу Iийсана тIаьхьахIиттинарш Дала хьалабохур бу цунах ца тешначарна тIехь, (Сура 3:55).


7. Хьанна бац кхерам Делан Кхел хиларна?

(Жоп: Делан Йозанийн билггал бакъдолчу адамашна (Машахь волчу Iийсана тIаьхьахIиттинчарна) кхерам бац Делан Кхел хиларх, царна Веза Эла волчохь (стигалшкахь) Делера долу совгIат хир долу дела (Сура 3:199).
Нагахь Веза Воккхачо царна хIинццехь совгIат деш хилча, кхел ечу мете баха безар бац уьш.

8. Лаам буй те Везачу Элан Iийсана тIаьхьахIиттинчийн тобанаш цхьаьна гулъялар?
(Жоп: Лаам бу. ЦIеран бердах боьлхучуьра кIелхьарбевлларш цхьаьна гулбала беза 
(Сура 3:103, 104).

Ткъа муха хуьлийла ду ву Машахь волчу Iийсана тIаьхьахIуттург а, цо тIедуьллурш а кхочуш муха дийр ду  (3:50 а 43:63 Суранаш тIехь аьлла ма-хиллара), нагахь  Дала делла долу Инжилан тIера дош цо  ца дешча? 

9.  Бераш дегахула бен дуьнен чу ца довлу. Ткъа хьанах ваьлла те Iийса дуьнен чу?
(Жоп: КъорIан тIехь яздина ду: Марем, шен йоIстагалла лардина йолу Iимранан йоI ю. Оха цунна чу Тхешан синан Iаь туьйхира» – иштта, Делан Са Маремана чоьхьаделира, тIаккха иза Цунах берах хилира. (Суры 66:12, 21:91)
Цу кепара, Iийса Веза Воккхачун Синах а, Маремах а дуьнен чу ваьлла ала мегар ду).
.

Сура 43:63

وَلَمَّا جَاءَ عِيسَىٰ بِالْبَيِّنَاتِ قَالَ ... فَاتَّقُوا اللَّهَ وَأَطِيعُونِ
 «Гуш йолчу тамашийначу билгалонашца Iийса веача, цо элира: «…Делах а кхера, суна а муьтIахь хила!»

Сура 4:159

وَيَوْمَ الْقِيَامَةِ يَكُونُ عَلَيْهِمْ شَهِيدًا
«ТIаккха Кхел ечу дийнахь Iийсас царна дуьхьал тоьшалла дийр ду ша Делан лай хиларх  а, Цо  ваийтина хиларх а, ша Везачу Элера долу Дош деана хиларх а лаьцна».
  



Комментариев нет:

Отправить комментарий